Пушкин Александр Дахаран ворда Ворда едда йоьду атта, Хала хиларх цу тIехь ван, ВогIу, восса доцуш латта, – Сира зама – говрийн да. Ткъа вай Iуьйкъехь довлу новкъа, Ворда хахка – лаам де, Вайх яц мало, Iойла ховха, Вай мохь бетта: «Лалла, же!» Амма делкъехь дац вайн маса, Ловзадаьхна, буьйда – вай, Ор а, барз а… – еха аса, Вай мохь бетта: «Собар, хIай!» Ша ма ярра йогIу ворда, Сарле цунах доьлла схьа, Вай а догIу, тоха корта, Хено лоьхкуш говраш дIа.