Дикаев Мохьмад Со ца кхочуш меттиг бац Хьовзорхьама, наха олу: «Хьуна тIаьхьа-м кхуьур вац, Массо метте кхача гIерташ, Хьо ца кхочуш меттиг бац». Со-м сайн дагахь воьлу царех, Церан забарш йойу ас, Мунда санна, лаьттачарех Лела хуург хьоьгуш вац. Соьга-м нанас олуш дара: «Хьо цкъа а нахах тарлур вац, Шо кхачале ага херцош, Хьо бен суна гина вац». BоpxIapa ваьлча, аьлла суна: «Нехан бераш санна вац, Дешар Iамош вакъа а велла, ЦIера араволуш вац». Со-м IадIара, дийца бохуш, Къийсамашкахь яхь ца луш, ХIете-вете цхьаъ ца олуш, Iалур боций уьш хууш. Наха дуьйцург дезаделла, Со, мел некъбарх, кIадлуш вац, Массо метте кхача гIерташ, Со ца кхочуш меттиг бац.