Чабаев Лоьма ДIавоьду ШайтIанан бIаьра хьо йогIийна ойла Йисаро лазориг цхьанне ма гойла! Дог эца ницкъ бац-кха - ма къонах хилла! Кхин гуьнахь дацарх сайн ма хьерехилла! Со санна, хьан лазам кийчаверг тебан Вуссийла хьан коьрте, со дагах ца летарг! Шен доцчу ирсанна гIуллакх дац теба! ДIавоьду, дIавоьду хьо дуьне хеттарг...