NOSTALGIA Шина коге Дуьненан хIоз керчо къен къа ас латорна, аш некъаш хьоьшу-кха, сан миска баймакхаш. Шу зийза, баланаш ас шайгахь латторна, яц Осло я Прага кхин тIех шун бIакъажош. …ХIетте а, сан когаш, шайн ма-дду гIора чохь, дехалаш дерриг а дерзийтар Нохчийчохь! Коьрте Хьан массо хьогамех мерцахиг ма хилла, буьйсанна борз ехкаш дуьне а ма даьгна! Iожалла маршонал Тоьллачу цу махкахь хIун гаре сатуьйсуш сан когаш кIамбо ахь? …ХIетте а, ойланаш, шайн ма-дду гIора чохь, дехалаш дерриг а дерзийтар Нохчийчохь! Даге Коржамал доцчу ахь, ма бала бина хьайх, хьан лелар, я сацар боццушехь дIагунберш! Хьо делош хилла нах Iа дела вина лайх, ахь доьлхуш йитина селхане емалъеш. …ХIетте а, аьрха дог, хьайн ма-дду гIора чохь, дехалахь дерриг а дерзийтар Нохчийчохь!