Хатаев Хьусайн. "Сан Нохче..." Сан Нохче! Хьо Делан кхаъ бу, Кхетоза, цIе йохуш, буьйцург, Я буьйнахь йилбазан тур ду, Нуьцкъала халонца туьйсург. Хьо зов* ду заманан маьрша, Ца хедаш схьадогIург дийна, Хьо са ду седанан аьрха, Боданца тIом бийриг тийна. Ца диэза къамелаш нехан, Хьох лаьцна цIармата, деха: Цкъа, язйой, хьо хьалайоккху, Цкъа, лахйой, хьо хьоьшуш бохку. Ткъа хьаьжнарш хьан къайле йовза – Йозанна кхоьллинарш говза, Хьо толлуш, похIманчаш** хилла, Церан дош ца дайна, тилла. Хьан къайле – маршоне некъ бу, Цу новкъахь хьан болар цхьаъ ду, Белахь а некъ хьайниг хьийзаш, Елахь а анайист сийсаш. (Я нах хьан – лаамийн гIаьрбаш, Цундела массо а кхаьрдаш, БогIу-те, баьржина, бевдда, Ирчачу чаккхене хьевдда?) Ткъа безарг кхоллам тIех атта, Маршонца ца дозург дог, Вуьсур ву, буо хилла, латта, Ца кхетош ахь боккху ког. __________________________ * Генара схьадогIу аз. ** Нуьцкъала кхоллархой.