Эльдарханова Зайнап «Шу ма дIахедаш лаьтта, дай-наной»... Котамийн бун дIа а къовла, бежанаша хи молий а хьовса, тIаккха шайн хIума кхалла чехка чу а дерзал! Садовш ду вайна. Буьйса Дала садаI а елла. Хьалххе дIа а дийшина, Iуьйрре гIовттуш хилча бакъахьа ду..., - буйна лаьцна laca а йолуш, paгly кIелахь лохачу гIантахь хиина Iачу нанас тхо, шен доьзал, иштта тIегулбеш йогIура суьйренаш. Iуьйре а, суьйре а токхе яра, керт юьззина, дог дуьззина яра цхьа зама... ХIетахь, малх дIабуьзча а, къегина, сирла дара даг чохь. «Тахана-м хоттур ду, таханам эр ду», - олий, масане хуьлура, хан мел ели а ненах дагайийла тIехIуьтту меттигаш. Хаттаза а дуьсу шуна, алаза а дуьсу шуна... зама, даг тIера чиркх охьа а тухуш, дIаяхача... Ненан марзо - хьуна цкъа гича, юха кхин шолгIа ган йиш йоцу туьйра хиллера. Хазахетаран дакъа а ах бен дац хIинца, халахетар а ца догIу вайх цхьа а къонвеш. Жимчохь, эцца, кховдош болу и хударан кад хьаъа белча а хIун башхалла яра?.. ХIинца оьшура-кх нана. ...«ЭхI, дависа хьан, дуьне! ХIокху хийрачу махка а еана, хьо декъаза диса язделла хиллакх суна» - аьлла, больницин корехула арахьаьжна, хи дийхира меттахь йолчу нанас (Оха Нанаъ олура тхешан ненах). Делахь а, цуьнан шатайпа, Iаламан басахь болчу бIаьргашка хьаьжча, уьш ийманан нур кхолаза богуш гича, мелла а са паргIат дара. Юкъа цхьа кIезиг миноташ йовлале, хаддаза хи деха долийра цо. Куршка схьалаьцна долу ненан куьг иэго долийча, цхьа даг тIе йис юьллуш, лере хьаьвдира цIахь хийлаза хезначу назманийн узамаш. Хьалха шена мала дезна хи кхин шега мала ца делча схьахийцира шен буйнара куршка. Цунах а гIуллакх ца хила доьлча, Iайгаца малийра. Xlopa минотехь дахар догуш дIадовра. Цхьа ши сахьт далале хи малар берийн шишан тIе даьлча, ненан къонахчу бIаьргех йиш йоьхна хиш хьаьвдира. Шена тIекховдочу сан куьйгийн аматийн терго еш, лерина хьожура нана. «Ла илахIа иллаллах!, Мухьаммадан Расулуллах!» - аьлла дара нанас доггах, хьалхалера гIopa-ницкъ схьабеача санна, къаьсташ далийна шахIадат. Иза цуьнан тIаьххьара дешнаш, цуьнан тIаьххьара даьлла аз хиллера. Торпазан махкарчу больницехь цхьаьна нисбеллачу нохчаша Ясин дийшира. Аганан техкар, назманийн узам, тIедоьлхучу дерзан серсар - доллу хIума сецира, ненан бIаьргаш чохь дуьне сецча. Хийлаза дуьйцуш хезна долу ийманца долу собар хIинца къаьсттина сайна оьшу киртиг тIехIоьттира суна. «Дала ялсаманехь боьллийлакх хьан ши бIаьрг, тхан гIийла, тхан дика нана...», - олуш айса тIекъевлинчу цуьнан бIаьргийн шелделла нур сайн къоман xlopa оьздачу ненан бIаьрахь лоьху ас хIинца. Дуьненан марзонаш, зарзделла кIади санна, хиэда йоьлча, бахарехь а доцуш, xlapa дуьне дош доций дика хаьа хIинца. Дуьне эхартехьа керчаш хаало нана дIаяьллачу дийнахь дуьйна. Яхана зама а, хьалхалера адамаш а сан кхолламан жовхIарш хилла диси дагалеца. Ненан гIиллакх, цуьнан оьздангалла - эхартан юьхькIам. Сонталла ца езара тхан нанна я боьршачу стагехь а, я зудчуьнгахь а. Комаьршалла коьрта лорура цо. ДагайогIу тхаьш исс йиша-ваша кегий долу хан. Iуьйрана моттий гIуллакхаш дIасалиста х!уттура нана. «Бабин бераш, «Бабин бераш!» - олий хьостура цо тхан зIакардаьхни: котамийн, москалийн кIорнеш. Шела базарахь юург юхкуш яра иза. Цхьацца ведар хи доьду боккха ши яй схьаоьций чорпа ян хIуттура. Цхьа яй «тхан» бара, ткъа шолгIа яй сагIина лерина бара. Шелахь суьдан гIишлонна уллехь долчу тхан кетIахь дехьа-сехьарчу ярташкара адам лаьттара, шайн гергарчийн дов хоттуш сагатдеш. Царна юкъахь хаза баккхий нах а хуьлура. Нохчийн къоман духарш, холхазан куйнаш, кога юьйхина кIедачу тIаьрсигах йина маьхьсеш лепаш хуьлу¬ра церан, ткъа буйна лаьцна - варкъаш даьхна зоьртала Iасанаш. Ша балха дIайоьдуш цо олура: «Делкъа-хенахь даха а гIой, суьда хьалхара баккхий нах чубалабелаш. Царна ламаз дан меттиг кечъелаш. Зайнап, ахь подвал чуьра помидорийн а, варенийн а банканаш схьаэций, хIума кхаллийталаш цаьрга. И нах д!абоьлхуш царна тIаьхьа кетIа довлалаш. «Дала маслаIат дойла шуна юккъе алалаш», - олий, тIекаренаш юьтий, дIайоьдура. Иштта цхьана дийнахь, шайн ламазаш а дина, тхан сискал caгla а йина кех арабовлучу нахах цхьана воккхачу стага: «ХIай бераш, да-нана дуй шун? Уьш ма ца гира тхуна?» - хаьттира. «Балха бахана уьш», - элира воккхахволчу вашас. - Тхуна шун XIOTTO шайна лиънера шуна? - юха а хоьттура къаночо. - ХIан-хIа, тхан нанас аьлле-ра тхоьга, - элира оха. Шен буйнара Iасанах тевжина, лаьттан бIаьра а хьоьжуш, корта а лестош, ойлане ваьллачу къаночун бIаьргех хи делира. ХIинца, дукха зама яьлча, хаьа бIаьргех хастаман хиш хьовдийттал хаза хилларг тхан нанас лелийна вайн къоман хаза гIиллакх хиллий. Тахана доьзал ийманехь кхетош-кхио беза аьл-ча дагадогIу цо тхаьшна Iамийнарг. Дийца даккхийчех дацахь а, ишттачу кегийчу хIуманех вовшахкхетий хуьлу даккхий хIуманаш. Нанас ша, муха хила деза гойтуш, Iамадора тхуна вайн оьзда гIиллакхаш. Цкъа делахь, генара баьхкина нах чукхайкхар хаза ду, цаьрга ламазаш дайтар - мелехь, царна сискал ялар - caгla ду, ткъа хьешашна тIаьхьадевлла, церан нохчийн гIиллакхехь Iодикаяр - нохчийн мотт бовзар ду. Дас-нанас еттарх кхуьур вац доьзалхо муьтIахь. Беро дозалла дал гIиллакхаш гойтуш хила деза да-нана. Лаккха шайн деца-ненаца эхь-бехк лардеш кхуьу доьзал. Бахамаш гулбан ницкъ ца кхечира тхан ден-ненан, я и Iалашо а яцара церан. Амма, тхуна мерза пхьор латтийна ца Iаш, хIусамехь нохчийн кхерч латтийра тхан нанас. Вайн заманахь наггахь бен хIусам яц шена чохь юург-мерг еш, сонехь нохчийн пеш йолуш! Нана йоцчу муьлххачу а хIуманах къахеташ хуьлура иза. Нохчийн халкъан илланчас Эльмурзаев Бекас ненах лаьцна даьккхина илли хезча йоьлхура иза. Баккхий вежарий Россин цхьацца гIаланашкахь эскарехь болуш йоьлхура иза. Уьш цигахь а болуш тIом баларна кхоьруш хуьлура даим а. Тхан урамехула телефонийн кабель йилла саьнгар йоккхуш Шелара салтий балийнера белхаш байта. Paгly кIел ехха, йоккха шиъ стол а хIоттийна чукхайкхира цо салтий. Цаьрга бийца оьрсийн мотт а ца хаьара. «Дома тебя мать ждет. Ку¬шать надо. Срок уйдет, домой поедешь, синок», - бохуш хьошалла дора цо царна. «Нанина биса сайнаш... ХIун юуш, мичахь лела техьа?» -аьлла, елхаозийра къайлаха. Нанас хеттийтинарг дош хе¬тара, цунна деззнарг тхуна а дезара. - Лулахой беза буьйцу къематдийнахь. Варийлаш, шайгара ледара хIума ма далийталаш, - олуш Iедал дара цуьнан. Тхан уьйтIа веанарг цо тхо цуьнан гIуллакхе ца хьожуьйтуш дIа а ца воху-ьйтура. Ша тIаьххьара боль-ницера телефон тоьхча а: «Шайн дега хьовсалаш. Эрна арахь дитинакх ас шу!», -бохуш цIа сагатдора нанас. «Къанделла» долу тхо эрна арахь кегий бераш хетара цунна. Сибрехахь хилар бен кхин Нохчийчуьра гена ца яьллачу нанна чIогIа гена мохк хетта ТорпазгIала. Дера, хIинца цхьа хIума дика хаьа. Хьайн цхьа шо бен дацахь а, нана дIаяьлча воккха хуьлу хьо, амма хьан кхузткъа шо делахь а, нана еллачу шолгIачу дийнахь бен воккха ца хуьлу хьо... Дений-нанний муьтIахь йоI, йиша-вешина беркате йиша, доьзална дика нана хилла яхана тхан нана Далла дуьхьал. Ненан барам кехбоккхуш хилла ойла «Ма миска вукх да-нана делхош верг», - аьлла яра. Да-нана доккха дош хеташ яра со, сайга кхин даккхий хIуманаш ца даделлехь а. ХIетте а, мор буьззина дагахьбалламаш бисина. Оцу деношкахь кхин цхьа хIуманан а ойла йира ас: «Тхан нана яларал сов, хьалха хало а ловш, гIиллакх-гIуллакх а лардеш схьабаьхкинчу оьздачу зударийн тIаьххьара могIанаш ду дIадовлуш», - аьлла. «Тхо мацдаларна кхоьруш, тхо шелдаларна кхоьруш, тхо дийшича бен дуьйшуш ва до¬цуш, тхуна сагатдеш, тхо лар¬деш, тхо Iалашдеш, къинхетаме бIаьрг тхоьга хьежабеш, жималлехь-бераллехь тхо шайн кара-мара хьерчадеш хьистина дай-наной, шу ма дIахедаш лаьтта»... Ишколехь дешна яцара, луларчу юьрта яхар доцург дуьне гина яцара, тхуна хьанал рицкъ латтош, марзахой, лулахой, юьртахой лийрина, нахана ша езийта хиъна яхара Далла дуьхьал. Яларна саозийча а оьздангаллех ца юхуш, больницин лоьраш, керста нах а цецбуьйлуш, ша дуьнен чохь оьзда маяххара, оьзда яла а елира. Бахам дуьнен чохь буьсуш берг бац - Далла дуьхьал хьош берг бу. Хьайн оьзда гIиллакхаш ялсаманин деза совгIат хилла карадойла хьуна, тхан нана! Дала сийлахь леринчу нанойн тобанах йойла хьо! Хьуна мел везнарг даг тIехула волий дIавоьду, нана... Ахь ма-аллара, хила а хилла дуьне - эрна аре...