Апти Бисултанов Беттаса (кийсак) Суна ца хууш дерг хуий, ЗIок етташ, сан дог а дуий, Сан мохь а къовлий шен мIарашна юккъехь, Сан илли гIотту дIо херцаршна тIера, Ша тIамарх иэс даккха кагбина букъ бен Сох хIума ца дуьтуш лаза я кхера, Цо овкъарш кегайо, тIемашца хIуо детташ, Цо лаьмнаш дегадо, аьрзунан мохь бетташ: — Хьайбаха! Хьайбаха! Хьайбаха! Догуш ду адамаш, хьайбанаш, Догуш ду доIанаш, есанаш, Догуш ду сан къоман деса каш. Со гIатта тохало — деккъа цхьа пIендарш, Со вада тохало — еккъа цхьа голаш, Вовшашна тIетеIий дIахIуьтту бердаш, Гуо лоций, дIахIуьтту гIалартийн кхоларш. — Шу хьенан, муьлаш ду? — олу ас тIаккха, Ма гIерта, олу ас, со хьераваккха! ДIахеца, олу ас, вита со ваха. ГIаларташ тардала дуьйлало нахах…