Гайтукаева Бана Хаза ду дахар Iалелай, ма чIогIа хаза ду дахар! Мотт керчи хьан ала-дуьне дош дац. Ма хьежа сел чIогIа дуьнене бIагIар. Цундела йижна-кх хьан месаш тIе кIац. Ма елха, гIайгIано Iовжабарх кийра, Ирс ма ду лаьтта тIехь гIайгIанал сов. Бодане буьйса мел хетахь а хийра, Сирлачу Iуьйрено доьллу шен ков. БIаьстенан болар ца дайна хьуна? И йогIу Iаламна батIийна марш! Ца гина сийначу бацалахь хьуна ПетIамат дIо малхе кховдина Iаш? Шовдано ца лекхна хьуна шен эшарш, Я седа ца гина паналлехь бовш? Наг-наггахь хиларх вай кхолламо човхош, Сел мерза, сел кIаьхьа хета и товш! Iалелай, ма чIогIа хаза ду дахар, ДIахеца Iожаллин зарзделла пхьош! Вайгара шена мел цатемаш хиларх, Вайн латта-м ду хьийзаш - дахар дIахьош.