Бексултанов Муса "Бохь боцу бIаьвнаш" дийцарна юккъера кийсак... "..Ва Нана-Нохчийчоь, хьо лата-м ма летира! БIешершца бIарзйина хьо, гIелоно гIелйина йолу, цкъа мукъна а дог Iабо, бекхам бан, чIир эца… Хьайн са сих ца кхарддал, ойла юззал доьналлех… Уьш кхача-м ца ели, ца хеди-кх церан зIе; уьш хIордал дукха хили-кх, стигланел шорта: цара Iехош йоьхки-кх хьо, ери-кх хьо бIешершкахь, хьайн гIенашца, Iуьйренашца, бера-берийн ловзаршца а… Хьайн тешарг лолда-кх хьан, шаьш бен хьан бац баьхнарш, хьан баланах зовкх хуьлуш, тезетах той деш, цIарца йийца цIе йоцу гIело хьан коча юьллуш, хьан даьIнийн Iоврашкахула хIонц карийна хьийзарш… Нохчийчоь! Ага хьо, тхан эвхье кура нускал! Хьан бухъяьхна Iаьржа кIажарш, дакъош хилла гIабали, шуьрех хьаьгна кIайн накхош пхьуйн кIомсарша цистина, хьеран тIулго буьртиг санна, хьан кхоамза дерина дегI! Хьаьжжинчохь диси-кх вай, бIаьрзе стаг стигла санна, маршонах хьаьггинчохь, орам хих ма хьаггара, лай – Делан къинхетамах а. ХIун дуьйцуш язде-кх ас, мила хьехош, мича кхоана, мел везнарг воцуш хилча, мел езнарг а къаьстича сайх. Мила хуьлуш хIотта-кх со орца доцчу хьан тезета: кадам оьцу да хилий, я дог хьаста веъна стаг – дакъа а, каш а со суо хилча, юха велларг а, виснарг а – со. Со – бохь боцу бIаьвнаш хьан. Хьан чоь йоцу аре. ХIора а чурт хьан суна доьгIна. Хьан кешнийн латта а – со. Хьан мерз хаьдда пондар. ГIайгIанна тIаьхьа болу узам. Узамна тIаьхьа – бIаьрхи… Ма виса-кх Хьо йоцуш, ган йоцуш, велха а! Тхан Нана-Нохчийчоь! Тхан куралла! Каш тхан!..."