Бексултанов Муса Iахар Жа дукъал чоьхьа, доккхо къаьстачу таьIначу аганчохь дара. Лам берриг а Iаьржа къаьстара, стигал кIел бохь гIортийна. Седарчий, сагалматаш санна, меттахъхьера. Мох сих-сиха тулгIенашца схьахьодура. ТIаккха бовра. Цхьа кIеззиг хан яьлча, юха а хьокхура. Цо цхьацца хьожанаш а, тIаккха кхерамаш а бохьура шеца. Жа нахарш дохуш Iохкура, узарш а деш, йовхарш а етташ. Наггахь Iахар Iаьхара, цхьа цIена, цхьа зевне. Нанас къорра, доцца аз хазадора дуьхьал. Iахарна ца хаьара, хIара хIун ду, жа иштта дIа хIунда тийна. Iахарна лела лаьара, жана тIехула когаш а бетташ, царна байн кур а тухуш, наггахь, ша гена баьлча, нана мичахь ю а хьожуш. Нанна хаьара. Нанна дерриг а хаьара. Нана цундела меллаша Iаьхара дуьхьал, шен аз ца даржийта, ца хазийта, мохе дIаса ца дахьийта. Цхьа шийла, цхьа инзара, дерриг а дегI гIорош, чо стамбеш аз деара цхьана геннара, хьевхьера схьа: «ув-ув-увв-увв» деш, тIаьхь-тIаьхьа дахлуш, озалуш, дерриг а дуьне дIалоцуш санна. ЖIаьла летира. ЖIаьла дай летира, меллаша: «гIалх-гIалх-гIалх» деш, ша-шена санна, юха иштта цу озана «ув-ув-увв» деш, гIийлла дуьхьал а цIевзаш. Жий Iаьхира боцца. Iахар бедда тIебеара. Охьабижира нанна уллохь. Нана хьаьжира, хьожа а йоккхуш. – Нана, хIара хIун ду? – хаьттира Iахаро, – со цхьа шел ма ло, дегI эга ма до сан? – Иза борз ю, – элира нанас, – цуьнан аз шийла ма ду, деза ма ду цуьнан аз… Борз инзара ма ю, къиза ма ю иза чIогIа… – Иштта хIунда ю иза? – хаьттира Iахаро юха. – Цуьнца Iожалла ю, – элира нанас, – хьан а, сан а – массо а са долчу хIуманан а. – Iожалла хIун ю, нана? – Лазам бу-кх, беккъа цIена – лазам. Коьмо кур тоьхча лазабой хьо? – Бо. – Иштта лазам бу-кх Iожалла а… – ТIаккха борз вон ю-кх, нана? Юй? – Ю. Борз бIобаш ма ю. Хьо хьайн нанна уллохь хила ма беза, гена а ца болуш. – Ахь жIаьла хилча, хIумма а хир дац ма элира… – ЖIаьло вай лар ма до. ЖIаьла леташ хезирий хьуна? – Хезира… – «Ма гIерталахь кхуза схьа, кхузахь со ду хьуна. Ас нанин Iахар бохьуьйтур бац хьоьга!» – бохура хьуна жIаьло. – Нана, жIаьла дика ма ду, дуй? – ХIаъ, ду. ЖIаьла сахиллалц дIа ма ца дуьжу, вай барзах лардеш. Сахиллалц лета ма лета иза. Цунна берзан хьожа а ма кхета… – Нана, борз бен, кхин цхьа а вон хIума ма дац, даций? – Борз санна вон хIума-м дац, кхин а дуккха дан-м ду уьш. – Кхин хIун ду, нана? – Урс а ду, кIода а ду, уггар вон – Iовдал Iу а ву, юха аьрзу а ду. – Iу Iовдал а хуьлу, нана? – Хуьлу. Жа шайн моккъа дажа ца дуьтуш, цхьана метта хьийзош, тIелоьхкуш верг вон Iу ма ву. Олуш ца хезна хьуна уьстагIо: «БIаьста со суо хьалагIатталц ца Iуьллуьйту волу Iу ма хуьлда сан – со хьалагIаттале керла буц тIейолу; гурахь со суо гIатталц Iуьллуьйту волу Iу а ма хуьлда сан – со бижинчуьра гIаттале буц якъало гурахь», - олуш. – Ца хезна… Нана, аьрзу хIун ю тIаккха? – Цхьа даккхий тIемаш а долуш, стигалхула хьийзарг аьрзу ду-кх. Цо хьо санна болу жима Iахар дIа ма хьо, нанна юххера дIабаьлча… – Со цкъа а хьуна юххера дIа а бер бац, со… со… – Ма балалахь, хьуо боккха хиллалц. – Со боккха маца хир бу? – Хьой? Гурахь хир бу-кх. Хаза ларга а лергина, цIан а белла, ши маIа а яьлла… – Ларга хIунда лоргу, иза хIун ду, нана? – Иза кIода ду-кх, ас хьоьга дийцина долу. БIаьста, гурахь – шозза Iожална кIел ма дуьйшу вай, кIоданца лоргуш. – Со бедда-бедда дIагIур бу-кх, боккха ма хилли. – ДIабахча барзо буур бу, дIабаха мегар дац… – Ткъа ас хIун дан деза! КIоданах келхьара муха бер бу со? – Хьуо ларга охьабиллича, бетта а ца луш, Iадда Iилла беза. Тохабелча – хадабо. Хадийча – нIаьний до, нIаьний дича – цомгаш хуьлу, цомгаш хилча - урс хьокху. – Нана, уьш дукха ма ду, соьга лелалур ма дац… уьш. Суна цхьа кхин хIума… – Хьуна хета иштта, уьш дукха ма дац. Дийнахь жана юьстах ма лела, буьйсанна а жана юккъе бижа охьа… – Буьхьигаш-м ма ца юьйшу жана юккъе, дIога, гой хьуна, тархашца лаьтта-кх, юьстах а евлла… – Уьш барзо атта ца лоцу. – Уьш хIунда ца лоцу, нана, борз царах кхоьру? – Ца кхоьру, цаьрга мохь болу, шаьш лаьцча. ТIаккха жIаьла лета. Юха Iу гIотту, топ а кхуьйсуш. – Аса а хьокхур бу-кх мохь… – Вайга мохь хьакха ма ца ло. Дала ца делла-кх вайна иза. Цундела ларбала ма беза хьо. – Со-м ларлур бац, со иштта охьа а бижина, кхин хьала а ца гIоттуш, Iуьллур бу-кх хIуьттаренна, вон хIумнаш дIадовллалц… – Нана яла хьан, иштта мегар ма дац. Дуьне ма ду хIара, Дала иштта кхоьллина. Барзо уьстагI буу, борз кхечо юу, кхиниг вукхо юу. Хьуна буц ма еза, езий? – Еза. Шура а еза. – Гой хьуна, ас буц ца йиъча, хьуна шура хир ма яц. Шура мерза ма ю, юй? – Ю, шура а ю, хи а ду, юха цхьа кегийра буц а… – И буц а ма ю иштта са долуш, хьо а, со а санна. Хаза сийна хьала а яьлла, тIехь зезагаш а долуш, малхехь йох а луш, иза а лаза ма йо… – ТIаккха ас хIун дан деза! Ас буц юур а яц-кх, со хьох бакха а бекхаш, хи а муьйлуш, ловза а ловзуш, лелар бу-кх. – ХIан-хIа, буц а яа еза. Буц вайна яа тIейолуш ма ю, вайга мийлийта оьхуш ма ду шовданаш а… – Ас ахь аьлларг дийр ду-кх, нана… со юьстах а лелар бац, жана юккъехь охьа а буьжур бу, кхин… кхин хIун ду, нана? Кхин хIун де ас? – Кхин хIумма а дац-кх, хьо хьайн ненан бакхарш бу-кх, жима а болуш, хаза а болуш, кIайн-кIайн тIаргIа а хьийзина, боккха дума а лестош… ХIинца хьайн ненах бакхал цкъа, тIаккха охьабуьжур бу хьо, хьайн нанна улло. Iахар, хьалхара голаш лаьтта гIортош, охьа а таьIна, шозза-кхузза чинк тоьхна, шура а йолаялийтина, дуьман суьрк дIаса а лестош, юх-юха а чинк а етташ, бакха хIоьттира шен ненах. Нана, нох а дохуш, Iадда лаьттара, наггахь Iахаран дуьмех бат а Iуттуш. Iахар гуттар а карзахболура, ша нанас хьаьстича, дума лестош, чинк етташ, юх-юха а бекхаш. Юха и шиъ охьабижира: нанас шена улло, «бIа-бIа-бIаь» олуш, некха хьалхха схьабалийра Iахар, шена гуччохь хилийта. Iахар когаш кIел бохкуш, ненах дIа а хьакхабелла, хьаьрччина, буйннал хуьлуш горггбелла, «пах-пах» аьлла, шозза-кхузза шок тоьхна, мара а цIанбина, яьIна ирах а саттош, дIабижира. Буьйса Iаьржа яра, лаьтта тIехь хуьлуш ма хиллара, стиглахь-м иштта Iаьржа а ца хетара. Лаьмнийн баххьаш стиглан таьIна-сийначу соьналлехь бода хуьлуш лацаделлера. Буьйса инзара яра, шен ца гучу, ца евзачу къайленашца. Буьйсано кхерам туьйсура, юхь ца гун кхерам. Цхьанхьа-м чIоб а дийкира: «чкъий-й-дт, чкъид-чкъий-й-дт» деш, хенан барам боькъуш санна. Буьйса сама а ца елира – буьйса тхьевсинера, Iахар санна. Iахарна сийна-баьццара дуьне гуора гIенах, къеггина кхетта малх а; цхьа байн мох а хьоькхура лекхачу даккъашца. ХIара шен ненаца бара, жIаьлеш а дара гена доццуш; цхьа узам беш, дIатаьIна, кхеран Iу а Iуьллура. Буц яра шортта, шийла шовда а. ХIара шена лиъча охьабуьжура, юха хьала а гIоттура. ХIара Iаьхча – нана дуьхьал Iаьхара. ТIаккха хIара кхийс-кхийсалуш, бодий-бодий тIе а боьдий, ненах бекхара. Юха Iахаршца ловзура, вовшашна карраш а детташ, ида а уьдуш, дуккха а вовшах а кхетта, полларчий санна. Дуьне хаза дара, сийна-баьццара маьлхан дуьне; Iахаран дуьне дара хаза, Iахар санна, жима а долуш; Iахарал а жима дуьне, цхьана ирсах, безамах, синкъерамах дуьзна долу, жима дуьне, горга, Iахар санна, хаза дуьне…