Цхьогал а, акха-котам а Туьйра Цкъа цхьана дийнахь мацалла дала доллу цхьогал хилла хьуьнахула дедда догIуш. ЦIеххьана хьалахьаьжча, дитта тIехь Iaш акха-котам а гина, цхьогал сецна. Цхьогал гина кхераеллачу акха-котамо мохь тоьхна. Дика дIа а нисделла, цу дитта кIелахь охьа а хиъна, хьастаделла, цхьогало акха-котаме аьлла: — Хьажахь, ма тамашийна хIума ду xlapa, хIинццалц схьа акха-котамаша мохь легашкара схьа туху моьттуш дара-кх со, хIинца хии-кх суна, цара бIаьргашца мохь хьоькхуш хилар. — ХIан-хIан, цхьогал, хьо гIалатдаьлла, оха легашкара схьа туху мохь, бIаьргашца ца туху, — аьлла акха-котамо. — ДIаялахь дIа, хьуна хьайна а ца хаьа, айхьа хIун дуьйцу. Нагахь хьо сох ца тешахь, охьайосса со йолчу, аса хьан бIаьргаш дIакъовлур бу, тIаккха, нагахь санна ахьа легашкара мохь хьакхахь, хьо бакъ лоь-кха. — Со кхоьру охьайосса, ахьа юур ю со — элира акха-котамо. — Вай, ма эрна ду-кх хьан кхерар. Аса дуй биъна, стохка дуьйна цкъа а акха-котаман жижиг ца даа, нагахь аса сайн дуй къарбахь, кIамдар а кхетта, со лийр ду, — элира мекара цхьогало. Акха-котам, цхьогалх теша а тешна, дитта тIера охьайоьссира. Катоьхна цуьнан когаш схьалецира цхьогало: — Дела дуьхьа, ма Iовдал а ю хьо, сох теша мегар ма дац, хIинца аса хьо юур ю! — Ма яахьа со иштта, — дехар дира акха-котамо. — Со яале хьалха, ахьа Деле: «Йо, АллахI-Дела, хьан ц!арца аса яа йолайо xlapa», аьлла, дехахь, сан жижиг хьуна дийнна шарахь даа тоьар ду-кх. Цо бохучух теша а тешна, цхьогало бага дIайоьллушехь, Деле дехар дан, кIелхьараяьлла акха-котам, тIома а яьлла, ша хьалха Iийнначу дитта тIе охьахиина. — ХIан, хIинца хьо ю хьуна Iовдал! — аьлла, ша кIелхьараяларна йоккхаеш йолчу акха-котамо. Ша лейина хилар ца лалуш, дIасахьийзара цхьогал, хIун дийр ду ца хууш. Ша цомгуш хилла, бохуш, гайх кадетташ, цIийзара, узарш а деш, дитта кIелахь дIасакерчара цхьогал. Оцу хенахь таллархойн а, церан жIаьлийн а евлла гIовгIанаш хезира цхьогална. — И хIун гIовгIа ю те? — хаьттира цо акха-котаме. — Шек дIа ма ялалахь, уьш-м барзана тIаьхьа бевлла жаIуй бара, — жоп делла акха-котамо. Дукха хан ялале, «гIалх-гIилх» а деш, таллархойн жIаьлеш гучудевлира, уьш цхьогална тIе тасаделира. Цхьогал шен ницкъ ма-ббу дедда, кIелхьарадала гIоьртира, жIаьлеш цуьнан лорах доьлхура. Хала дела балица церан ирачу цергех даьлла цхьогал. Цхьана доккхачу жIаьлин багахь цIога а дуьсуш, коьллаш юкъахь цхьогал кIелхьарадаьлла. КIад а делла, мацалла дала доллуш, чевнаш лозуш, Iуьллура цхьогал. — Ва везан Дела, сан дайша а, ден дайша а, ворхIе а дас а цкъа а ца доладора-кх шайн гIуллакх «бисмиллахIир-рохьманир-рохьим» бохучу дешнашца, сан хIун гIуллакх дара бага дIаелла. Ма юьхьIаьржо ю xlapa! Акха-котамо хIилла ди-кх суна, — бохуш, холчудаханера цхьогал. Цу хенахь дуьйна, шена акха-котам гича цхьогало цунна боккха го тосу, боху.