АБДУЛАЕВ Леча *** Луо догIу. КIайн луо ду дуьллуш. ХIан-хIа, ца деа и – цIиэн луо. БIешераш бIешершка дуьйлуш, Дуьне кхин хийца ца дели. БIешераш хьалха а санна, БIешераш тIаьхьа а изза Бакъ боху буоберан саллар Ден цIа схьакароза хьийза. Кор тоьхча, чиркхаш чуузу. НеI тоьхча, зайлаш дIадухку. Да вац и чудита, дузо, И дижо, корта ца бухкуш… Луо догIу, кIайн луо. Догдилла: Дуьненах дог лозург вело, Дуьненна бакъ оьшуш хилла, ДогIур дац цкъа а и цIиэн луо…