Оспанов Къосам *** Шозза тIекIелдина Каш-лахьта шелдина, Сацо безаш бара цхьамза, ГIамар-сахьтан гIамар-цхьамза; Сацон дезаш - маьлхан сахьт а, Цуьнца цхьаьна массо сахьт а; Сацо езаш яра хан а, Йоьду хан а, йогIу хан а; Сацо езаш яра хьо а, ХIара де а, хIара шо а; Нахах яьлла нахе гIойла Хьох ца йина йолу ойла: Са цо оту, са цо огу, ДIа ца йолу, схьа ца йогIу. Сацо дезаш дара латта - Стенгахь ю хьо, хьоьга хатта.