ГАЗА-ГУЬЗАЛГ (туьйра) Воккхачу стеган кхо газа хилла: Цхьа гай дерг, Ши гай дерг, Кхо гай дерг. Шовданан коьрте уьш яжа яхча, царна кIелхуьйшуш хилла цхьа гила борз. Кхо гай долу месала газа хьалха а яьлла, ши гай дерг цунна тIаьхьа а хIоьттина, йхьа гай дерг цунна тIаьхьа а йолуш, некъан бохалла, илли а олуш, шовданан коьрте яжа яхна гезарий. Сийн-сийнчуьра буц кхоллуш, шийл-шийлачуьра шовда молуш, сарралц яьжна гезарий. ЦIа яха дагадеъначу жимах йолчо ши гай долчуьнга аьлла: - Сан цхьа гай дуьзна, со яха йоллу. Хьо цIа йогIий газа-гуьзалг? - Ца йогIу, дера, со-м. Хьан цхьа гай дузарх, сан ши гай ца дуьзна. ГIуо хьайна, илли а олуш. Амма барзах ларлолахь, некъана юьстах ма ялалахь. Цхьа гай дерг цIехьа йолаелла, илли а олуш: «Ва вайна садайна, там хилла сан гайна, берзан ши бIаьрг балийта, некъ маьрша хилийта». Маьрс-маьрсал цергаш а йолуш, кед-кедал бIаьргаш а долуш, тебаш, еъна борз дуьхьалъяьлла газанна. Цо хаьттина: - Хьо стенгара йогIу, газа-гуьзалг? - Яжа-кхажа яхана йогIу. - Хьан гай чохь йохкурш хIун ю? - Бецан хаьлгаш ду-кх. - Хьан коьртах йохкурш хIун ю? - МаIа-цуьргаш ю-кх. - Хьан логан пхенаш хIунда деттало? - Хьох кхоьруш деттало-кх. - Хьо яра суна езарг, - Барзо газа «хьап» аьлла, дIакхаьллина. Сийн-сийнчуьра буц кхоллуш, шийл-шийлачуьра шовда молуш, сарралц, яьжна, ши гай дерг а юьзна. Цунна цIа яха дагадеъна. Кхо гай долчуьнга цо аьлла: - Сан ши гай дуьзна, со яха йоллу. Хьо йогIий цIа, газа-гуьзалг? - Ца йогIу, дера со-м. Хьан ши гай дузарх, сан кхо гай ца дуьзна. ГIуо хьайна, илли а олуш. Амма барзах ларлолахь, некъана юьстах ма ялалахь. Ши гай дерг цIехьа йолаелла, илли а олуш: «Ва вайна садайна, там хилла сан гайна, Берзан ши бIаьрг балийта, Некъ маьрша хилийта». Маьрс-маьрсал цергаш а йолуш, кед-кедал бIаьргаш а долуш, тебаш, еъна, борз дуьхьал яьлла газанна. Цо цуьнга хаьттина: - Хьо стенгара йогIу, газа-гуьзалг? - Яжа-кхажа яхана йогIу. - Хьан гай чохь йохкурш хIун ю? - Бецан хаьлгаш ду-кх. - Хьан коьртах йохкурш хIун ю? - МаIа-цуьргаш ю-кх. - Хьан логан пхенаш хIунда деттало? - Хьох кхоьруш деттало-кх. - Хьо яра суна езарг, - Барзо газа «хьап» аьлла, дIакхаьллина. Сийн-сийнчуьра буц кхоллуш, шийл-шийлачуьра шовда молуш, сарралц яьжна, кхо гай дерг а юьзна. Цунна цIа яха дагадеъна. Цо ша-шега аьлла: - Сан кхо гай дуьзна, малх чубузуш, са а дайна, хIинца со цIа яха еза. Кхо гай дерг цIехьа йолаелла, илли а олуш: «Ва-а вайна садайна, Там хилла са гайна, Гена яла борз суна, Некъ маьрша хилийта». Маьрс-маьрсал цергаш а йолуш, Кед-кеддал бIаьргаш а долуш, Тебаш, еъна, борз дуьхьалъяьлла газанна. Цо цуьнга хаьттина: - Хьо стенгара йогIу, газа-гуьзалг? - Яжа-кхажа яхана йогIу! - Хьан гай чохь йохкурш хIун ю? - Хьуна бетта лелош тIулгаш бу. - Хьан коьртах йохкурш хIун ю? - Хьуна Iитта кечйина маIаш ю. - Хьан логан пхенаш хIунда деттало? - Хьох лата догхилла деттало! - Хьо яра суна езарг, - «Харт» аьлла, маIаш тесна, берзан чуо-куо араяийтина кхо гай долчу газано. Къеначу барзо дийна йоллушехь кхаьллина ши газа гай чуьра араиккхина. Меъ-ме-э-э-эъ! - Меэ-ме-э-э-эъ! - Iаьхаш, цIехьа хаам а беш, некъан бохалла, нох а дохуш, кхо гай дерг хьалха а яьлла, ши гай дерг, цхьа гай дерг цунна тIаьхьа а хIоьттина, воккхачу стеган гезарий сарахь цIа яьхкина. Йовха, хьена шура яош боьхьигаш а якхийна, воккхачу стага биллинчу кIедачу чан метта, нахарш а дохуш, охьайийшина гезарий.