(Туьйра) Хьуна Дала дика дийцарг, диканна т1еветтарг, вонна т1ехтиссарг, шерачу арахь шина ж1аьло ма хьовзаварг, верта доцуш базарахь ма нисваларг. Туьйранан Туьйра хилла боху, туьйранан Нана хилла боху, лерг доцуш хилла боху, ког боцуш хилла боху, куьг доцуш хилла боху. Ас дуьйцур ду хьуна шаьш дехачу ц1ен т1ера, далаза а ца даьлла, арадаьлла леллачу Борг1алххий, Цицигаххий, Ж1аьлеххий, Вирб1арзаххий долу цхьа туьйра. Исс ломал дехьа, г1ерг1ачу х1ордан тулг1еш сецош, вовшахкхетча суйнаш туьссуьйтуш лаьттачу мокхазан бердаш юххехь, цхьана дуьненан йистехь, мацах-мацах дехаш-1аш хилла цхьа доккха ши стаг, цхьа а бер-кер а доцуш. Церан хилла къена йоккха Борг1ал. Доккха ши стаг реза а хилла цунна: цо котамийн доладеш а хилла, цо шаьш ларйо дела, котамашна дукхаезаш а хилла иза. Хан-зама яларца воккха стаг, гуттар къан а велла, к1елвисина, ур-атталла шайна напха лаха де а доцуш. «Хьаша-да ваг1ахь, х1ун дийр ду-техьа вай», - аьлла, вовшех дагадаьлча, воккхачу стагий, х1усамнанассий барт бина, и шайн Борг1ал ен а йийна, цунах пхьор дан. Церан къамел д1ахаза дезий хьуна Борг1ална. Дукха чехка и ков-керт дитина, ша стенга йоьду а ца хууш, шен са к1елхьара даккха хьаьдда йоьдучу кхунна, юьртал ара яьлча, новкъахь 1уьллуш цхьа къанделла Цициг гина. Цуьнан беркъечу барзакъах цецъяьллачу Борг1ало хаьттина цуьнга: - Хьо х1унда 1уьллу кху шерачу арахь, некъайистехь, ва Пису, д1а ца дахало хьо, г1елделла хьо, лазийна, чов а ма яц хьан дег1а т1ехь схьагуш? - Г1он дарий, д1адаха «д1а» делахьара. Дера, Борг1ал, хьо дукха яхарг, долчу дас д1а ма кхоьссина со, - аьлла Цициго. - Дакъаза ма дала хьо, х1ун даьллера хьоьгара, мича хот1ала доьжнера хьо, сел ч1ог1а и оьг1азваххал? - хаьттина Борг1ало. - Х1ара ду ала соьгара, схьахетарехь, кхин даьлла х1ума-м дац. Бакъду, сайн ма-хуьллу долчу дена дика-м дара со. Къайлах шура я т1о даа дагахь т1екхевдина ма дац со, бераш, шаьш даьхна, х1ума яа охьаховшийча, царна хьалха биллинчу кхачанна т1екхевдина ма дац со, я ас чоь бехйина, х1усамнанас цкъа човха ма ца дина со. Ур-атталла сайн йоцчу метте дижина а ма дац со. Цхьаъ вижина велахь, сайна мел ч1ог1а ловза дагадарах, айса, тата дина, набкхеттарг самаваккхарна кхоьруш, меттах ца хьовш 1ийна со. Оццул сайн самукъадолуш болу т1ерг1ан эханган уьйриг хьа ма ца бина ас. Со къаналла к1елдиссалц дайх, сайрех, ц1ийнах жима дахка-м бийца а ца оьшура, мукадахка а ца латийтина ас. Дахка дика ларбо олий, лулахоша, дега доьхий, кест-кеста дуьгура со. Суна дага а дан, цхьа а вон х1ума ма ца даьлла соьгара. Х1инца хьуна ма-ггу ду-кха сан хьал. Къанделла, тишделла, дег1ера г1ора д1адаьлла, т1ахъаьлла дац. Голаш малъелла, настаршка дег1 лела ца ло. Къона долуш санна гоьлана дайн а, когана маса а дац. Цундела со долчу дена совдаьлла, цо, хьуна ма-гарра, юьртал ара а даьккхина, кху некъайисте охьакхоьссина-кх со. - Э-х1е! Ц1е йожа хьо белхан! И бу-кха, къандаллалц даьцча, х1усамдас хьан бина хама. Доха ма доха хьо, т1аьхьа дика доцуш вон хила йиш яц. Хьуна а суна хилларг хилла - со а ю хьуна сайн са к1елхьарадаккха едда юьртах яьлла йог1уш, - аьлла Борг1ало. - Т1аккха х1инца х1ун дагахь ю хьо? - хаьттина Цициго. - Шек д1а ма дала хьо – дуьне доккха ду боху, б1аьргана гуш дерг бен рицкъа дацахьара дукха х1ума мацалла делла хир дара. Дало, хьо дог1ий, цхьана дикане кхача а мегий вай-м, - аьлла, Цициг а эцна, д1айолаелла Борг1ал. Х1ара шиъ новкъа доьдуш, гена далале, Ж1аьла кхетта кхарах. - Ахь х1ун леладо, ва Барза? - хаьттина кхушимма Ж1аьлига. Ж1аьло шен къа-бала балхийна кхаьрга. - Жа т1ехь дара со. Буса ха дора ас, дийнахь дан деза 1уналла дара. Шаьш вовшахкхеттачохь дика Ж1аьла ду олий, хьахадора 1уша. Таллархойн ч1ог1а лерам бара соьца – шайн барх1 са болчу бакъ г1ирмин мажар тоьпан мехха лорура цара со. Цхьамма а кара1амийна а дацара со. Х1инца сан зама д1аяьлла. Шераша къан а, тиш а дина. Жана а, г1отанашна а 1уналла а ца дало, я таллархошца даха де а дац. Шуна ма-гарра, хенах даьлла долу, дас ша дуьйр ду хьо, дала чехка гена аьлла, д1акъахкийна со. Шен сингаттам кхаьрга д1абийцина даьлча, Ж1аьло хаьттина: - Аш х1ун леладо, шу лаа дуй, х1ун 1алашо йолуш арадевлла шу? Борг1алой, Цицигой шен-шен цатам д1абийцина Ж1аьлига. Вовшийн дог а эцна, шайна чудаха меттиг лаха барт а бина, д1адоладелла Борг1аллий, Цициггий, Ж1аьлий. Д1адоьлха-аш новкъахь цхьа къена Вирб1арз кхетта кхарах. - Ахь х1ун до, малх чубуза лезанан г1урккхал бен юкъ а ма ца йисина, юьртара юьрта воьду хан а ма яц вайна? – Малх чубузале д1акхочур вацахь, кхечу юьрта ваха ара ма вала аьлла ма ду, - дистхилла х1орш Вирб1арзе. Вирб1арзо дийцина кхарна шен хьал-де. - Шуна ма-хаъара, т1аьхье кхуьуш а яц со, цундела, доьзална аьлла, лело х1ума а дацара сан. Делахь а, йолчу дас шена лиъча, йоьжна лелош а, шена эшча, гехь мохь лелабойтуш а лелайора со. Цкъа а хамталла дина яцара со. Со йоьжна хьера йигча, оццул долчу ялтех цкъа а цхьа буьртиг ца кхаьллина ас. Х1инца замано къанйина, балхо тишйина. Сан букъ гой шуна? Т1ехь мохь лелошший, южуш лелошший хуьйцуш лелийначу, тишъеллачу, шайн кепех йоьхначу нуьйрийн тиймакашший, г1орг1ачу б1ег1аган ичмикой дохийна, даь1наш даьхна сан къанделла, дуткъаделла совр, дас дарба цалелорна наткъарш тиссина ду. Цхьа а хьоьгур волуш дац х1инца соьгахь долу хьал, - аьлла, кхеран дог дашош, шегара бала балхийна Вирб1арзо. - Аш х1ун леладо ткъа, шу лаа лелий, аш ма-бохху, араволу хан а яц? Цхьа сингаттам болуш дуй-техьа шу? - хаьттина Вирб1арзо. Борг1алой, Цицигой, Ж1аьлой шен-шен къа-бала латкъийна кхуьнга. - Вайн массеран а цхьа лазам бу, вай, хаза бертахь, ваьшна 1ен-даха юрт йилла еза, - аьлла, барт хилла шайн х1усамех доьхначу хьайбанийн. Д1аоьх-оьхуш, маьрк1ажехь хьуьнха кхаьчна уьш. Х1инца чудаха х1усам мичара хир яра-техьа аьлла, хетта царна. Х1ун дийр дара-техьа аьлла, ойла йича, царна дагадеана, попа т1ера д1ахьаьжча, цхьанхьа а серло гой хьовса деза вай аьлла. Попах д1а а таь1на, беа ког а г1ортийна, д1ах1оьттина Вирб1арз, цуьнан букъ т1е х1оьттина Ж1аьла, Ж1аьлина т1е – Цициг, Цицигна т1ера д1а попа т1е а яьлла, цхьанхьа а серло гой хьаьжна Борг1ал. Гена доццуш цхьана лаппаг1ин корехь богуш къуьда гина Борг1ална. Т1аккха а т1едаха кхоьруш хилла х1орш. Мухха делахь а, буьйса арахь йоккхийла-м ма дац, цига гергахьа г1орта деза вай аьлла, т1едуьйладелла х1орш. Дахана шаьш д1а юххе кхаьчча: - Вай чу мукъане а дуьтурий хьовха, - аьлла Ж1аьло. - Дера, иза а ма ца хаьа, - аьлла Цициго. - Ас тамаша бо-кха цу чохь берш маьрша нах белахь. Хьанна хаьа уьш цхьа талорхой буй а, - аьлла х1уманна тидаме йолчу Борг1ало. - Иза а, вайн докъазалла, хила там болуш ду, - т1етайна Вирб1арз а. - Аш ма-дуьйццу делахь, вайгахьа дац цу чу г1ортар – декъазчунна ден ц1ера йог1у аьлла ду, - шена хетарг схьахаийтина Цициго. - Дезара цаьргара и ц1а нуьцкъаша схьадаккха, - дагадеана Ж1аьлина. Х1ун дина, муха доккхур ду вай и аьлла, вовшашлахь барт беш хилла х1орш. - Ладог1ал, - аьлла, йистхилла Вирб1арз, - вай цаьргара х1ара ков-керт схьадоккхур ду. Муха доккхур ду аьлча, ваьшна х1ара ц1а гойла хьовсуш ваьш ма-х1иттара вовшашна т1е х1уьттур ду вай. Цхьаъ. Шолг1а: со сайн г1оре-г1оддах терсар ю. Ж1аьла, хьо ч1ог1а лата. Цициг, хьайн хирг ахь а де. Борг1ал, сих-сиха т1емаш а тухуш, хьо екалахь. Шайна и 1аламат хезча, шаьш лаца деана орца ду моьттуш, уьш бовдур бу шуна; нагахь маьрша адамаш делахь, цара вай ишта а чудуьтур ду. Шаьш барт ма-барра, корехь т1ек1ел д1а а х1иттина, маьхьарш хьекха доьлла хьайбанаш. Боккъал а шаьш лаца нах т1аьхьакхаьчна моьттуш, д1а аралилхина, бевдда талорхой, шаьш кечдина пхьор а дитина. Чудахана хьайбанаш, цара кечйина лаьтта юург а йиъна, шайн ког хецца д1адийшина. Цициг, йовхонах ца 1ебаш долу шен, пеша т1е дижина. Ж1аьла паднар к1ел д1атарделла. Вирб1арз не1арехь йижина. Борг1ал, ша къона йолуш х1усамден ворданан ялкхан т1е яьлча шен хуьлуш хилла ойла дага а еана, ара ма велли, не1арехь доллучу диттан гон т1е хиъна. Буьйса юккъе яханчул т1аьхьа талорхоша шайх цхьаъ ваийтина, шаьш лаца баьхкинарш д1абаханий хьажий вола аьлла. Ч1ог1а тебна, юкъ-кара текхаш, меллаша ц1ен т1е а вахана, ц1евзий ларъеш не1 а йиллина, чувахана иза. Тапъаьлла хилла чохь, б1аьрга 1оьттина п1елг а гур боцуш 1аьржа а. Леррина хьаьжча, пеша т1еххула, г1ийла догу седарчий санна, цхьа ши суй гина кхунна. «Х1а-а, пеша т1е х1оттийна хилла-кх цара х1ара къоьгам», - аьлла дагадеанчу кхо и хьалаоза куьг т1ехьошшехь, хьалаиккхинчу Цициго, цхьа вон 1аха а 1аьхна, дуса а делла, м1араш тесна кхунна. Паднар к1елара схьаиккхинчу Ж1аьло катоьхна. Вуьйш лаьтта-кх ша кхара аьлла, д1аведда х1ара не1арехь 1уьллучу Вирб1арзана т1е охьавоьжна, цунах таса а велла. Набарх ма-яллара хьалаиккхинчу Вирб1арзо, ц1ингаш тоьхна, д1акхоьссина талорхо не1аран гурах тоьхна. И татанаш хезна самаяьлла Борг1ал шен са ма-дду ека йолаелла. Шен са к1елхьардаларх ца тешаш, кхеравелла, гира топ охьа а кхоьссина, уьдуш са бага а кхаьчна, веана вухакхаьчна талорхо. - Д1абаханий? - хаьттина кхуьнга бухарчара. - Д1а-м муххале а ца баханера уьш, - аьлла са дадийна ведда веанчо, виэхьа а виэхьаш, - мелхо а вай духадог1у лардеш 1аш хилла-кх. Цхьаъ пеша т1ехьа лечкъина хилла. Цо схьаластийна шаьлта куьйгах хьакхий бен ца ели суна. Паднар к1ел воллучо ластийначу туьро цхьана маь1аргонна, со д1аэккха ца ларийнехь, ност йоккхура сан. Не1арехь лаьтташ хиллачо цхьа тамехь хьокха балийти суна, цхьадика сан коьртах-м ца кхийтира цуьнан и. Д1адовлалаш, вай цига аьттехьа г1оьртийла дац шуна, цара вай дойур ду. Цу шайн х1усамах дог а диллина, едда кхин а гена яьлла талорхойн г1ера. Х1инца а бевдда боьлхуш хила там болуш бу уьш. Г1алдий-булдий – царний, кай-божжий – вайний. Царах лаьцна эладита дуьйцур долчун шен мотт социйла, мотт беттачун са долийла.Бартболу доьзал цхьаьнгга а эшалур бац.